Сочинение на чеченском языке нохчийн зуда
Содержание статьи
Ирс хуьлда хьан, Нохчийн Зуда!
Дала азаллехь адамна оьмар язъечу заманахь, ма къинхетаме б1аьрг хьажийна хилла-кх Цо нохчийн зудчуьнга. Куц хаза амал елла, дуьненан 1аламе адмашка кхийдон безамах дог дуьзна, оьздачу ламастех ойла юьйцина дуьнена чу яьккхина хьоме нана, йиша… Эзар орамо луьттуш бухдуьйлу шовда санна сирла дуьнене хьежар долуш, б1аьстенан ч1ег1ардиган декар санна зевне елар долуш,
Дала деллачунна хастам беш еха нохчийн зуда. Ломара к1оргачу 1оман хи санна сирла цуьнан б1аьргаш чохь сингаттам хаалур бац цкъа а, цу ломан уггаре а к1орга ч1ожехь лечкъина экха санна хьулйина хир ю иза. Халонаш, баланаш х1орд хилла т1е г1ертарх, ца соцуш деттало цуьнан къинхетаме дог, лам хуьлий дуьхьала йолу иза муьлххачу бохамна. Амма нохчийн зудчо деца-ненаца г1иллакх лелош гинчо, х1усамден ларам беш хааделчуо, берашна 1уналла деш масал эцначо бийр бу тамаш, цецвер ву и цуьнан доьналлех, собарх, хьекъалх. Х1оранна а довха дош карош, цу дашах дикалла хьарчош дог оьцу цо, муьлххачу а адаман дог хьостуш хаьа дог эца.
Нохчийн йоь1ан хазалла, исбаьхьалла ц1енчу дагт1ера схьайолу ховха 1аь, б1аьстенан заза санна хаза а, экаме а ю. Букара ломара хьаьдда дог1у Орга санна дера, оьг1азвахна вог1у къонах, цунах б1аьрг кхетча дог к1адлой, яхье волий соцу, т1аккха и дог ир-кара х1уттий, цу йоь1ан сий лардеш са д1адала реза а хуьлу.
Нохчийн йоь1ан хелхаро 1адийча санна латтийна кхечу махкара хьеший – цуьнан х1аваэхь санна, ког лаьттах ца хьакхалуш яр, белшал лакха ца долуш г1ург1езан т1омах лела куьг, орцан т1ехьа лечкъа малх санна хьулдина б1аьргаш, де къовлу суьйре санна 1аьржа ц1оцкъамаша цецбоху уьш, ларам кхуллу дагчохь.
Хьенан ю иштта йо1? Муьлхачу лаьтто кхиайо иза? Дера яц цхьаьннен а, нохчийн бен.
Уггаре а деза совг1ат ду, иза лардо къонахчо денна, х1ора м1аьргонахь пардох дина зезаг санна лардо, лардийр а ду эзар шарахь.
Деле йоьхур а ю, тахана жима йолуш а, кхана г1еметтах1оьттича а.
Дала декъал йойла хьо, Нохчийн Нана, Нохчийн Йиша!
Данный материал опубликован на сайте BezFormata 11 января 2019 года,
ниже указана дата, когда материал был опубликован на сайте первоисточника!
Ещё новости о событии:
Ирс хуьлда хьан, Нохчийн Зуда!
Дала азаллехь адамна оьмар язъечу заманахь, ма къинхетаме б1аьрг хьажийна хилла-кх Цо нохчийн зудчуьнга.
13:57 18.09.2015 Столица Плюс — Грозный
Линда Идрисова – Беттан нур ду сирла догуш . (Видео)
1аьржа б1аьргаш
догу сирла, хьан хазалло лаьцна со,
Сатийсамах
хьоза хилла кийрара дог деттало,
Дато батто
з1аьнарш ловзош сан безамна маь1на до,
Сан хьомениг
доьху хьоьга мерза безам суна ло!
12:39 18.09.2015 ИА Чеченинфо — Грозный
Спасатели Чеченского поисково-спасательного отряда МЧС России сняли два кольца с опухшего пальца девушки.
МЧС
В ходе проведения оперативно-разыскного мероприятия «Наблюдение» сотрудниками УНК МВД по ЧР был остановлен житель г. Грозного, 1984 года рождения, подозреваемый в хранении наркотических средств.
ОМВД Чеченской Республики
После доставления к следователю следственного управления Следственного комитета России по Чеченской Республике находившегося в международном розыске Расула Бачалова ему будет предъявлено обвинение в совершении преступлений,
Следственный комитет
В 2021 году Министерство здравоохранения Чеченской Республики планирует закупить 39 передвижных мобильных медицинских комплексов для сел, где нет фельдшерско-акушерских пунктов и врачебных амбулаторий.
ИА Чечня Сегодня
Даниил Егоров принял участие в заседании Бюро Форума ОЭСР по налоговому администрированию.
УФНС
Во Всемирной организации здравоохранения (ВОЗ) отмечают замедление темпов распространения коронавирусной инфекции.
ИА Чечня Сегодня
Начальник управления генерал-майор Шарип Делимханов встретился с представителями Республиканского проекта «Турпалхой» (Герои) и поздравил их с 4 годовщиной со дня создания.
ИА Чечня Сегодня
Рубрика «Неизвестная летопись войн».
Мероприятие «Участник ВОВ Зулкарниев Ибрагим Зулкарниевич».
Государственная галерея им. А.А. Кадырова
В Государственном мемориальном музее А.А. Кадырова прошла лекция на тему: «Профилактическая беседа экстремизма в молодежной среде».
Государственная галерея им. А.А. Кадырова
Источник
Общешкольное мероприятие «Нохчийн зуда — къоман байракх».
Нохчийн Зудчун лерина ерригешколан мероприяти.
«Нохчийн зуда-къоман байракх».
Экран т1ехь дешнаш ду: «Зударийн сий динчохь, къонахий ца эшна»,
«Эсалчу куьйгашна,къажаран з1аьнаршна,ахь мел дечу дезаршна,хьан ненан долана,баркалла даггара,сийлахь зуда- хьуна!»
Ведущий 1: Нохчийн зудчун Де —Вайн Республикехь х1ора шарахь сентябрь беттан кхозлаг1чу к1ирандийнахь даздеш ду. . 2009 шарахь и даздина дуьххьара.
И де деза кхайкхор лерина ду, Кавказски т1еман хенахь кхелхинчу 46 нохчийн йо1ан сийна. 1819 шарахь сентябрь баттахь инарла Ермоловн эскарша Дади-Юрт яга а йина, 46 нохчийн йо1 коьртехь Дадин Айбика а йолуш йисаре лаьцна .Шаьш Теркал дехьа дохуш хи чу кхийсаделла и зудабераш, «Шайн хьоме юрт ягийна ; дай, наной,вежарий, йижарий байинчийн куьйгаш ца хьакхадалийта».( Илли « Дадин Айбика» д1алокху Асет Абубукаровас).
Зударийн де даздар президент Рамзан Кадыровс д1акхайкхийна 2009 шеран февраль баттахь. Шен къамелехь президента элира,нохчийн зудчун Де даздар уггаре а коьртачех цхьаъ хилла д1ах1отта дезаш хилар. « Вайн къоман хийла а т1емийн, ц1ера арадахаран хьокъехь а т1ех1иттинчу халонех къонахчо санна шен белшаш т1ехь вон-дика д1акхехьначу Нохчийн зудчун сий-ларам бар ду иза». 18 сентябрехь 2009 шарахь Гуьмсин к1ошт1ахь Дадин-Юрт йоккхуш кхелхинчийн сийна чурт х1оттийна.
« Халкъан дахарехь нохчийн зудчун меттиг лаккхарчу т1ег1ан т1е яккхаран 1алашонца, и даздар лерина сентябрь беттан кхозлаг1чу к1ирандийнахь, х1ора шарахь»,ч1аг1дина НР Куьйгалхочун Указца. Къоман маршо ларъеш иэгначу к1ентийн дукха наной бу,доьлхучу б1аьргийн хи а кхачийна. Оцу кепара къонахий кхиийначу нанойх дозалла дан мегар ду вай. Везачу Дала ийманехь собар деллачех бу уьш. Божаршца нийсса меттах1оттош бохку зударий вайн Республика.Цара къахьоьгу г1ишлошъечохь,школашкахь,больницашкахь. Шен латта а, мохк а муха беза декхар ду гойту зударша.Лара еза вай вешан къоман нуьцкъала ах . Дош лур ду вай школан директоре Юсупова Марем Хамзатовнига.
Ведущий 1: маршала ду, шуьга хьоме наной, лераме йижарий!Ведущий 2: тахана вай гулделла нохчийн зудчуьн деза де билгал даккха.Ведущий 1: Нохчийн зуда- нохчийн нана, нохчий йиша, нохчийн йо1.Хьехархо: уггаре довха дешнаш тахана шуна ала лаьа.Дехийла шу ирсе хилла!
Дала декъал дойла шу!
Ведущий 2:
Хьуна,сан йиша-нохчо,лору
Х1ара жима,амма даггара байт,
Хьан оьзда хьажар,девзар ду эзарнех
Хьан тайна хабар- олхазарийн йиш.
Ведущий 1:
Хьох дозалла дан к1ад ца ло со –Нохчийн йо1!
Хьоьца доьзна доллу «дика» сан.
Хьо лара а к1ордор дац-кха суна,
Дуьненан 1аламан — хазаллин васт.
Выступленеш :байташ йоьшу 7а кл. деш-ша.
1.Со йина нана,декъал хо хуьлда, (Висикаев С.)
Со кхиийна нана,ирсе ехийла.
Аганахь техка еш,б1аьргаш хьай белха беш,
Дог хьай делхийна йолу сан нана,
Даимна хьо суна могша ехийла,
Даимна Дала хьо суна латта йойла!
2.суьйре, аьхна суьйре, (Уздиева Р.)
хаза, маьрша йог1у.
нана, дийцахь туьйра,
со хьо йолчу вог1у.
стигла оьху 1ана
эзар ц1арах тховса.
хьаьгна ву со, нана,
цкъа хьан марахь тхьовса.
к1адвелла со ч1ог1а,
хьоь сатуьйсуш лела.
хийла дог ца дог1уш,
хьо ца гучохь вела.
3.амма и хьан йовхо (Тисаев М.)
даим даг чохь къуьйлуш,
веъна со сайн новкъа,
ирхонашца къуьйсуш.
эт1ош когийн айра,
гуш сайн ирсан кхане,
со чекхвийлла, майрра,
хьох дуй бууш, нана.
шир ца елла хьуна
сан кху кхерчан уьйраш.
нана, дийцахь сунна
хьайн къоьжаллин туьйра.
4.Массарел дукхаеза кхоьллина нана, (Абубакаров И.)
Дуьненан меха хета хьо, нана!
Оьгlазло яц хьан тlаьхье йолуш цкъа а,
Ехийла, ирс долуш, хьо даима суна.
Бlаьргаш чуьрчу йовхоно кийрара дог дохдо,
Буьйцучу матто дог ловзадоху.
Нанас йина чов лаза ца лозу,
Цуьнан сий динарг лорур ву махко!
5.Вайн вовшийн цкъа а вуон ма гойла, (Батыров М.)
Дахарехь замано хьо ирсе йойла,
Нагахь ас вас йинехь, къинтlераяла,
Декъала хила хьо, со йина нана.
6.Со вина кхиийна (Хакимова С.)
Хьомсара Нана,
Хьоьл хьоме дуьненахь
Х1ума ца хилла,
Генарчу махкахьа
Хьо ган йиш йоцуш,
Сатийса висча бен,
и хуур ца хилла.
Къаналле лестинчохь
Хьан шераш Нана,
Хьо юьтуш вахи со
генарчу махка,
Ц1еначу дега хьан
йовхонах хаьдда,
Висина Нана со,
1уьналлех ваьлла…
7.Сан Нана, хIу ду кху дуьненчохь хьоьл деза тхуна, (Килоева Х.)
АллахIо совгIатна хьо елла тхуна,
Ховха хьан куьйгаш,
Оьзда ахь буьйцу мотт,
ГIиллакхах дуьзна ду кийрара жима дог,
Массамо Везачу Деле хьо ехна,
Массамо маьлхан дуьненахь хьо лехна,
Дуккха ду мукъамаш хьо хасто яздина,
Говзачу дешнаша хьан кхоллам базбина,
Амма и ницкъ болу нохчийн мотт тоьар бац,
Берриге безам хьоь дIабийца, Нана.
8.Дахарехь безам хьайн тхуна ца кхоийна,
(ЖалмурзаеваФ.)
Сирла хьайн гIайгIа тхоьх даима йина,
Халонаш, баланаш тхоьх чIогIа лачкъийна,
Дегайовхо, могашалла хьайн тхуна а лерина,
Хилла хьо АллахIо векал а йина.
9.Яхалахь сийдолу тхан хьоме Нана.
(Жалмурзаева Л.)
Хьайн хаза елар денна а тхуна луш,
Нурдолу бIаьргаш хьайн тхоьга а хьежадеш,
Ло санна кIайндолу оьзда хьайн куьйгашца,
Бераллехь санна тхо мара а къуьйлуш!
10.Мехка а сий ду хьо, (Бахаев 1.)
Доьзаллийн ирс ду хьо,
Тха дегнийн той ду хьо,
Хьомсара Нана!
Ведущий 2: Нохчийн йо1 иман долуш, тешаме, духарца – леларца оьзда, эхь – бехке, г1иллакхе, эсала, къинхетаме, комаьрша, собаре, доьналле, экаме,хьекъале, яхье, беркате, догц1ена хир ю. Дашна мерза, куьйгана-говза, дагна—ц1ена. «Хазалла саралц, дикала валлалц» олуш кица ду нохчийн. Жималла даим ца лаьтта. Ткъа йо1, зуда мел къанелча а цкъа а д1аер йоцуш, даим а цуьнца юьсуш йолу хазна- оьздангалла ю.
Ведущий 1: Т1улгех йоьттинчу, цхьана жимачу оти чохь,
Ахь кхиъна б1ешаршкахь тхан ден дай,наной.
Ахь хийла хьегна г1айг1анаш,бала
Хьан т1аьхье,тхо –хьуна декхарийлахь ду.
Хьехархо:Вайн къоман исторехь дукха масалш ду мостаг1ашна дуьхьал лаьттинчу нохчийн к1ентийн майраллех,доьналлех лаьцна .Царах лаьцна дукха иллеш а,эшарш а ю.Х1инца а церан ц1ераш дегнашкахь ю вайн.Амма цхьа к1еззигчарна бен ца хаьа оцу турпалхошна юкъахь нохчий зударий хиллийла,Маршонан ц1арах,халкъан парг1атон,харцон дуьхьал т1ом бинийла.
Кавказски т1амехь ц1е яьккхина евзаш хилла Гихтара Майлин Таймасха(Гихинская). 10 шарахь т1ом бина цо пачхьан эскаршна дуьхьал. Нохчийн муьридийн отрядан куьйгалхо хилла Таймасха. Т1еман г1уллакх ч1ог1а дика хууш хилла цунна, цуьнан т1емалой а майраллица къаьсттина хилла. Пачхьан инарлаш дукха г1иртина Таймасхин отряд х1аллакьян,амма дерриге а эрна хуьлура.10 шо даьлчий бен ка ца елира церан иза схьалаца.Цхьа дийцар ду оцу йо1ах лаьцна. Пачхьо хаьттина боху цуьнга: «Ас д1ахецахь т1ом сацабой ахьа? ». Таймасхас нийсса цуьнан б1аьргашчу а хьоьжуш жоп делла: –Т1ом лелош верг хьо ву,болийнарг а хьо ву. Ахь т1ом сацабахь,ас а дуьхьало йийр яц хьуна аьлла. Таймасхин хьекьалах хазаллех инзаре цецваьллера паччахь бохуш а дуьйцу.
Оцу майрачу зудчух лаьцна кехаташ д1адехкина ду
Тбилис г1алахь,1едалан исторически архивехь ду цуьнан доьналлех лаьцна кехаташ.
«Песня о Таймасхе» ц1е йолуш цхьа илли ду оьрсий маттахь,цу юкъара 4 мог1а балор бу аса:
Хьайн декхар кхочушдеш
Оцу т1еман к1уьрехь,
Хьо улло д1ах1оьттира
Дена,вешина, к1антана — къонаха Таймасха.
Ведущий 2: Дерриг диканиг ду, дуьненахь туьйра санна йийцина нохчийн зудчун оьздангалла. Цуьнан хьуьнар, доьналла бахьанехь хийлаза мацалех, къизаллин балех ларделира вайн къам. Оьздачу йо1ана хаа деза доллучу дуьненчохь нохчийн цхьанна а атта ца хетий.
Ведущий 1: Нохчийн йо1 – турпала Нана! Ахь кхиийна Даймехкан турпала к1ентий. Хьо еха хьайн дега лазам, дега к1орге биллина, б1аьргех 1ена хиш къайлаха д1адохуш, елар – къажар дайна, дуьнена самукъа доцуш.
Ведущий 2: Дуьненан муьлххачу маь11ехь ехаш хиларх, нохчийн йо1 кхечу къаьмнийн векалех къастош ерш вай тахана карла яьхна билгалонаш ю.
Ведущий 1: И дерриге хьайца долуш хьо еха дела, нохчийн йо1 цецдолу хьох дерриг дуьне.
Ведущий 2: Нохчийн къоман зударий! Оьзда маьхкарий! Дала декъал дойла шу Нохчийн зударийн дезачу денца.
Ведущий 1: Таханлера вайн цхьанакхетар чекх дала герга дахана , маьрша, къегина, ирсе дог1ийла шун дахарехь х1ора де.
Ведущий 2: Иманехь, беркатехь дала сов дохийла шу!
Хьехархо:Уггаре довха дешнаш тахана шуна ала лаьа! Дехийла шу ирсе хилла!
Дала декъала дойла шу!
Эшарийн совг1ат, д1алокху: Ашаханова Д.,Хакимова С. («Ирс»).
Источник
Нохчийн зуда – Иорданехь — Вести Республики
Хьалха заманахь дуьйна нохчийн зудчо схьакхоьхьург вуно доккха дукъ ду. Халкъ махках даккхар, тIемаш, къизалла, мацалла… Дуккха а ду турпалчу нохчийн зударийн, нанойн лан дезнарш. Вайн къоман оьзда гIиллакхаш, дайн Iадаташ, хаза ламасташ жовхIаран бIаьрг санна лардеш, хIокху дийне схьакхачийна вайн наноша. Уьш хьакъ ма-дду ларийна бусалба дино а, Даймахко а шайна тIедехкинчу декхаршца. Цаьргахь баккъал а доккха хьуьнар, собар хилла хилар вайна гойту таханлерчу дийнахь нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ хала Iалашдалуш хиларо. Халахеташ делахь а, хIинцалерчу кегийрхоша жим-жима дIатосуш, дицдеш ду вайн къоман хаза гIиллакхаш, наггахь бен ца буьйцу ненан мотт…
Нохчийн махкахь нохчашна юккъахь Iаш долчу вайга а къоман хазна Iалашъялуш ца хилча, дозанал арахьа Iаш болчу нохчаша хIун до-те олий, ойла кхоллало. ХIинц-хIинца я иттех-ткъа шо хьалха цIера дIабахначарна-м башха хало хир яц цу тIехь. Амма бIе шо сов хьалха шайн дай кхузахь Iар доцург, шаьш цкъа а Нохчийчохь хилла а боцчу нохчашна тахана Иорданин, Хонкаран, Шемин мехкашкахь Iаьрбашна, туркошна юкъахь нохчийн Iадаташ лело, нохчийн мотт Iалашбан атта дац.
1901-чу шарахь Нохчийчуьра Иордане хьижрат динчарах бу Бенойн БойсагIаран тIаьхьенах болу БакиргIеран доьзал. БойсагIаран вешин кIентан кIентан доьзал хилла иза (БакиргIеран вежарий Iабдул-Маджийд, ИсмаьIал, ВацIа). Иордане дIакхелхачу хенахь зударий балийна хилла Iабдул-Маджийд, ИсмаьIал шайн доьзалшца цигахь бисина, ткъа шен езар Нохчийчохь йисина волу ВацIа Даймахка цIавирзина. (Цуьнан тIаьхье тахана вай долчохь ю).
Хийрачу махкахь хиларе хьаьжна а доцуш, нохчалла Iалашъеш, ненан мотт ца бицбеш, доьзал кхиийначу нохчийн нанойх цхьаъ ю лакхахь вай хьахийначу Iабдул-Маджийдан кIентан йоI Бакир Надья. 1962-чу шарахь Иорданерчу Заркъа шахьарахь Мухьмадан а, Iайшатан а доьзалехь дуьнен чу яьлла иза. Пхи йоI а, кхо кIант а хилла церан доьзалехь. Нохчийн доьзалшкахь дIахIоьттина ма-хиллара, да болх беш, напха латтош хилла, ткъа нана, нохчийн гIиллакх-оьздангаллица доьзал кхиош, цIахь Iийна. Надьян дас-нанас а, вежарша-йижарша а гуттар нохчийн мотт бийцина шайн доьзалехь.
Шен 17 шо долуш, школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, нехан цIентIе яхара Надья. Йиъ йоI, ши кIант – ялх доьзалхо дуьнен чу велира цуьнан. (Уггаре йоккхачун хIинца 38 шо ду, жимах йолчу йоьIан – 19 шо). Доьзалхой кегий болуш, ерриге а хан уьш кхиорна, церан дешарна, хьашташна йойуш яьхна Надья. Шен 40 шо дуьзча Къуръан Iамо йолаелла иза, цу тIехь цунна доккха гIо дина Iаьрбийн мотт дика хааро. 2010-чу шарахь Къуръан кхечарна хьеха бакъо (иджазахI) луш долу тоьшаллин кехат делла цунна (48 шо долчу хенахь).
Иорданерчу нохчийн зударшна юкъахь кIезиг бац цхьацца говзаллаш караерзийна, болх беш, зударийн юкъараллашкахь жигара дакъалоцуш берш. Цигахь болу вайн зударий цхьаьнакхеташ, гуллуш меттигаш (Нохчийн зударийн юкъараллаш) ю цигарчу шахьаршкахь Заркъехь а, Сувейлехь а. Оцу юкъараллашкахь, лулахь-кулахь, шайн урамехь болчу зударшна таджвид (Къуръан дешаран Iилма, низам) Iамош, хьанал къахьоьгу Надьяс.
Цул сов, ненан мотт Iаморна, цуьнца доьзна долу хаарш кхиорна тIе а боккха тидам бохуьйту цо. Нохчийн мотт Iамор, кхиор шен дахарехь уггаре а коьртачу гIуллакхех цхьаъ лоруш волчу Надьян жимах волчу вашас Iабдул-Хьамийда шен хIусамехь класс а йиллина, хьехархо а лаьцна, шен гергарчарна ненан маттахь деша а, яздан а Iамадайтина масийтта шо хьалха. Iабдул-Хьамийдан дIадолорца беа маттахь (нохчийн, оьрсийн, Iаьрбийн, ингалсан) кхочушъеш йолчу «Нохчийн дошам» проекта тIехь Iаьрбийн меттан декъехула къахьоьгуш ю Бакир Надья а, цуьнан йоI Асет а. Карарчу хенахь жимах йолу йоI деша хIотторан Iалашонца Хонкара яхана ю Надья а, Асет а. Цигарчу (Хонкарарчу) нохчашна ненан мотт Iаморан проект а ю цара йоло дагалаьцна.
«Нохчийн мотт жималлехь дас-нанас буьйцуш Iамийна белахь а, амма ненан маттахь деша а, яздан а ца хаьара тхуна хIинц-хIинццалц, – дуьйцу Бакир Надьяс, – атта дац кхузахь кегийчу нахана нохчийн мотт Iамо, хIунда аьлча, Iаьрбийн а, ингалсан а меттанаш Iамо деза церан школехь, университетехь. Ткъа уьш дика хууш ца хилча, балха тасабала хала хуьлу».
Нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш шайн доьзалашкахь Iалашдархьама хIун до аш аьлла, хаьттича, иштта жоп ло Бакир Надьяс:
«Ас сайна дас-нанас Iамийна долу гIиллакхаш, ламасташ сайн доьзална а Iамийна. Амма и гIуллакх тIаьхь-тIаьхьа хала хуьлуш ду (кхечу къомах болчу нахана юкъахь Iаш хиларе терра). Вайн къоман Iадаташ, ламасташ цхьанхьа яздина хила дезаш дара, массеран а тIекхача аьтто болуш. Иштта ца хилахь, вайн орамаш, гIиллакхаш Iалашдан хала хир ду вайна».
Надья бакъ а ю цу тIехь. Цхьанхьа яздина ца хилахь, жим-жима тосуш дIатесина, дицдан кхерам болуш ду вайн къоман Iадаташ, гIиллакхаш. Дуьнен чохь йоккхучу хенахь Iаьрбашна юкъахь бен ца Iийначу царна-м хьовха, Даймахкахь Iаш долчу вайна а-м оьшура къоман синмехаллаш йозане яхар… ТIаккха мукъане а уьш Iалашъян ницкъ кхочур барий-те вайн?!
А. МУСАЕВА
№ 24 (3017)
1 486
Источник
Нохчийн оьздачу зудчун васт
Сентябрь беттан 19-чу дийнахь билгалдоккхур ду Нохчийн зудчун де. Кхечу мехкашкахь а, регионашкахь а иштта шайн зудчун сий айдина меттиг яц аьлла, жимма дозалла а, куралла а ян меттиг бу вайн зударийн. Хазчу дашна доцийла хаьа вайна, нохчийн зуда вайн республикан юкъараллин муьлххачу а балхахь лараялар а. «Балхахь» аьлча, дог 1ийжачу дагахьбалламца хьалха х1утту советийн заманахь а, можа пхьуьйшаш доцургаш юьйхина з1окбергаш а, лоьмаш а детташ аьчканекъа т1ехь а, йовхонна латта лалон асфальтбуьллуш т1улганекъа т1ехь а, кибарчигийн заводехь кибарчиг йоттучу цехашкахь а, химзаводашкахь силам кхехкхочу цехашкахь а нохчийн зударша лара а луш белхаш бар. Нохчийн зударша шайн чоь а, доьзал а бахьанехь муьлхха а болх бо, муьлхха а хало лов. Тахана а цунна лерина де кхайкхинехь а, и парг1ат яла а, баьрче хаа а генахь ю. И цхьана зудчух доьзна а, я цуьнан лаамах доьзна а дац. Вайн юкъараллин дахар тоъал хьалдолуш дац, зуда парг1ат а яьккхина «зудчун» г1уллакхашна и мукъа йита. Шайна лерина хан хила таро йолуш вайн берриг а зударий белхьара, дуьненахь а хазаллина а, оьздаллина а ц1еяхна хир бара нохчийн зударий ХIХ-чу б1ешарахь санна.
Цу т1ера доладелира, вайн республикехь дика евзаш йолчу лор-невролагца, Мусостова Зурааца тхан хилла къамел. Цо дагалоьцура:
– Сан ткъа шо къаьчначу дийнахь, соьца доьшуш хиллачу оьрсийн а, украинцийн а божабераша гуьржийн яздархочо Александр Казбегис язйина киншка елира суна. Шаьш даггара ешна х1ара киншка, кху т1ехь нохчийн зудчун васт къегинчу седанах тера ду, оха и хьоьца дусту, элира цара. Цул т1аьхьа ас хийлазза а ешна и киншка, со даиманна а йоккхайийна, Къилбаседа а, Малхбузе а Кавказан къаьмнийн зударшна юккъехь «нохчийн зуда майрра, юьхь гойтуш лела, ша ц1ена а, оьзда а йолу дела» аьлла Казбегис аьллачу дешнех. И дешнаш аьллачул т1аьхьа 150 шо бен ца даьлла, нохчийн зудчунна и дешнаш ца дог1у тахана аьлларг вайн къоман мостаг1 ву. Дуьнент1ерчу кхечу къамнашка вайн сий дайта, вай ваьш, вешан божарша сий дан деза вай. Эрна ца аьлла, стаг харцхьа ваьлча доьзал телха, зуда харцхьа яьлча мохк телха. Вайн зударий ца мегаш белахь, вайн мохк телхина-кх, ткъа х1ун деш бу къонахий телхинчу махкахь? Со даима а цецйийлина нохчийн зудчун доьналлех, къонахаллех. 2000-чу шеран апрелехь ц1айирзина, сайн балха т1е араяьлла со. Дагалийцина х1ун до и х1ун хан яра? Вай юхадендаларна, вай дерриш а ца даларна, вайгахь адамалла йисарна нохчийн зудчунна декхарийлахь ду-кх вай. Шен букъах ворда а йина, шен белшах г1ортор а йина доьзална, махкана, вайна массарна а яцна-кх нохчийн зуда. Цу т1е тахана Казбегис цуьнан хадийначу мехал лакха яцахь, лоха а ца хета суна и. Ас со а яц юьйцург, хьо а яц, амма нохчийн зуда ю.
Со йоккхаера, сайца иштта къамел дан дуьненан дахаран зеделларг долуш йолу зуда сайна йовзарх. Дика кхетара цуьнан дахарх а, ойланех а, дагахьбалламех а, хазахетарех а, восех а. Гора дуьнене шен хьежам а, адамалла а, юьхь а, муьлххачу х1уманан а, хиламан а мах хадо хьекъал а долуш зуда и хилар а. Далла бу хастам иштта зударий вайн болуш а, уьш алссам болуш а. Сан ойланца ца дог1ура Зураа боху цхьаццадерг: «Со турпалхо яц. Со нохчийн зуда ю, нана а ю, денана а ю, лор а ю. Тхан доьзалехь цкъа а ца хилла ц1арна лелош х1умнаш, суна а ца еза и ц1е. Со дуьнен т1е а яьлла халчу хенахь, яха а яьхна халчу хенахь, я х1инца а д1огара атта хан яц вай дехаш ерг. Х1ун дер ткъа, ишттачу дахаран зовкх Дала делла-кх суна. Со реза ю-кх цунна. Амма со турпалхо яц, ца оьшу сох лаьцна яздан.» Массо а х1уманна цунна т1етан реза йолу со, реза яцара оцу къамелана. Суна мохь тоха лаьара цуьнга:
-Х1ей, нохчийн зуда! Хьо а турпалхо ца хилча, Шахбулатова Зайнап а турпалхо ца хилча, Дагаева Малика а турпалхо ца хилча, мичара бевлла аьлла хета шуна Дадин Айбикаг1ар, Гиххойн Таймасг1ахар? Шу цаьрга нисделла, т1екхуьурш хьаьнга нисбала беза, шу турпалхой ца хилча?
Ас х1умма а ца элира, амма гуш ю-кх и нохчийн зудчун турпалалла…
Луьра а, къиза а хан яра, къоман мостаг1ий бина махках баьхначуАптин а, Совдатан а доьзалехь йо1 Зураъ дуьнен т1е яьлларг. Лай к1елхьара зезагаш дахарна кечлуш долу хан, амма уьш цкъа а дага а дог1ур доцучу г1орийначу барака чохь, 1944-ч шеран апрелехь. Везаш доьзалхо вацара аьлча бакъ хир дацара Аптин доьзалехь кхиъначу цхьайтта берах. Берриш а бара безаш а, оьшуш а, зама яра къиза, цуьнца къевссина доьзал хене баккха безара, озабезам хила йиш яцара цхьаьнгге а. Дена дика хаьара, шен доьзална дуьненан рицкъанна санна, церан хиндолчунна а ша декхарийлахь вуйла. Цундела ницкъ ма кхоччу доьшуьйтура цо шен берашка. Ша а вара иза ц1енна ламанан к1ант, шен дешан да волуш, къонахалла, доьналла долуш. Казахстанан хийрачу лаьтта д1авирзира иза, амма весет дисира, цундела лаа дацара кхеран доьзалехь ялхаммо лаккхара дешар чекхдаккхар. 1957-чу шарахь Соьлжа-Г1ала ц1абирзира кхеран доьзал, ден-ненан хьомечу даймахкахь цабезамца тIеийцира х1орш. Ишколе яхначу, хьийзина к1айн месаш йолчу, ч1ег1ардигна санна оьрсийн мотт хуучу йо1е цабезамца хьоьжура меттигерчу ишколера хьехархой, церан хьекъало т1е ца дуьтура, «адмаш дууш» болу нах иштта бу бохург. Кхунна дика дагайог1у, 1958-чу шарахь, нохчий юха бахийта бохуш, бухарчу къаьмнаша йина хилла митингаш. Иза даима а санна имперски боьхачу политикин ачо яра. Шен къинхьегамца вехачу стагана новкъа вацара ша санна волу къинхьегамхо. Кхиамца 8 класс чекхъяьккхина медучилище деша яхара йо1. Училище чекхъяьккхинчул т1аьхьа цхьана шарахь лоьран болх бира Шуьйтахь. Дахар шен хорша доьрзуш дара. Къона лор дакъалоцуш яра к1оштан юкъараллин дахарехь. Х1ара юккъехь йолу Шуьйтара исбаьхьаллин коллектив евзаш яра республикехь а, луларчу мехкашкахь а. Амма шен хаарш лакхадаха 1алашо йоккха яра йоь1ан. Атта дацара нанна а, т1ехь да воцу йо1 Украине деша а хьажийна 1ен, делахь а, ден весет а, йо1ан лаам а бара иштта. 1962-чу шарахь Донецки медицинан институте лечебни факультете деша яхара иза. 1968-чу шарахь кхиамца дешна а яьлла юха а Шуьйтахь лоьран болх бира 1972-чу шаре кхаччалц. Цул т1аьхьа дуьйна а г1алин №2 йолчу поликлиникехь лор-неврологан болх беш ю Нохчийн Республикан могашалла1алашъяран хьакъйолу белхахо Мусостова Зураъ.
Дуккхазза а шен хаарш т1едуза 1алашо йолуш Москвахь, Казанехь, Санкт-Петербургехь стажировкехь хилла Зураъ. Миччахьа а дешарх доьзна долчу х1уманна жоьпаллица а хилла, даима а т1ехдика дешна, цундела шен балхаца доьзна долчух озалуш ца хилла, хаарш к1орггера долу дела. Т1емаш болуш а, д1абирзинчул т1аьхьа а гуманитарни организацешца белхаш бина. 2006-чу шарахь «Планетин эзар зуда» ц1е йолчу проекта юккъехь шолг1а меттиг яьккхина. Шайн доьзалш а болуш ши к1ант ву. Зураэ масех хаттар делира ас:
– Зураъ, нохчийн зудчун, ненан дахарехь х1ун ду коьртаниг?
— Шен доьзалх адамаш дар муьлххачу а зудчун, ненан дахарехь коьртаниг ду. Ткъа нохчийн нана декхарийлахь ю шен доьзалш адамаллехь кхион. Церан деган дахар дикачух дуьзна хилийта, уьш къонахийн масалш т1ехь кхион. Шайн дайн дика амалш царна йовзийта. Уьш собаре, хьекъале кхион. Десачу хабарх ларбала 1амон, шаьш къахьега дезаш хилар церан ц1ийх долийта. Маггане а мегар дац доьзалш къинхьегамах ларбан. Ша къахьегнарг эвхьаза а, сийлахь а хилар т1амарх долийта деза царна. Суо дика нана ю бохург-м дац сан иза. Со даима а доьшуш, балхахь, некъахь хилла вайн нохчийн дукхахболу зударий санна. Амма ас билгалъяьхначу амалех мелла а амалш соьца а, сан шина к1антаца а елахь и тхан ненан беркат ду. Гой хьуна, вайн дай-нанойн масалех хуьлу-кх иза.
– Ткъа вайн къонахех лаьцна х1ун эр дара ахь?
– И дика элира ахь, боьрша нах ца олуш, къонахий. Вайн б1аьргаш чухула къонахий хила безаш бу вайн дай, вежарий, ц1ийндай, к1ентий. Т1аккха бен хир бац уьш нахана хьалха къонахий. Вайна, зударшна дика хаьа церан садоллу меттиг, церан къонахаллин мах а вайга дика хадало. Амма сан дагара д1а ца долу вайн къонахий шерашкахь дегнаш доьжна бахар, церан ца дог1учу дагара белакъиэжа безаш хилар, ши шай лурдоцчу модийн овгале «начальник, командир» баха дезаш хилар. 30 шо кхаьчна жима стаг т1еэцна, цуьнга ас ладоьг1ча, цуьнан чов хиллачу сих цецйолура со, цо бан безаш болчу къурдана суждане яха дог хуьлура сан. Церан г1ело йина синош, аьшнаш йина яххьаш, церан къонахалла хьастадаларх хийцар, уьш шаьш-шайна к1езиг хетарх, х1етте а вайна хьалха а, вовшашна хьалха а церан къонахий хилла чекхбовла безарх цецйолура со. Царна г1о-накъосталла дар сан декхар дара. Югославехь а хилла вай долчехь санна т1емаш, царна дуьнено а г1о дина юхаметтах1отторехь, эзар-эзарнаш психологаша шерашкахь къахьегна цигахь. Вай долчохь иштта ца хилла. Т1еман невроз д1аялаза ю х1инца вайна юккъера. Дера г1ала а юха ден ма елла, дуккха а дикчу аг1ор хийцамаш а ма хилла, амма чов хилла синош-м ца таделла, уьш х1инца а цомгаш ду.
– Х1ун башхаллаш ю 60-чу шерийн кегийрхошна а, таханлерчу кегийрхошна а юккъехь?
– Уггар коьрта башхалла, соьга хаьттича -дешар ю. Х1инца а вайн дукхахболу 1илманчаш а, хьекъалчаш а цу хенахь я жимма цул т1аьхьа дешнарш бу. Цу заманахьлера кегийрхой къаьсттина оьздангалла йолуш а бара. Доьшуш долчу нохчийн зудберех дозалла дора цара, уьш церан йижарий бара, уьш 1алашбар церан декхар дара, царах дериг даккха дага а дог1ур дацара. Сибрехан къизаллех чекхдевллачу нохчийн адамашкахь адамалла, къинхетам биснера. Ткъа тахана луьрчу т1емах девллачу вайх хилларг – къинхетам д1абаьлла, вовшех лаза дог ца дисна, вовшашна т1екхойкху, воккхачун къаналлех, жимачун къоналлех лаца г1иллакх ца дисна, ахчанах дела вина, и хилчахьана, ши шай лур доцчух а къонах вина, тамашийна девлла. Вайн дайша лийринарг – Дала вай цхьабосса дуьнен т1е кхоллар а, нохчийн юкъараллин дахаран исторехь лай, элий ца хилар а, хьалхарчу денна тIера тIаьххьарчу дийне кхаччалц Делан лай вай хилар а дицдан йиш ца хилар дагахьлаттадойла луур дара вайн кегийрхоша. Дерриг вуон ду бохург а дац сан и, дахар атта г1уллакх дац, дика-вуон ийна ду дахарехь, амма вай дешна а, доьшуш а делхьара х1инцачул дуккха а г1олехь хир дара, цхьайолу осала амалш а хир яцара кегийрхошкахь.
– Зураъ, х1ун эр дара ахь нохчийн зудчуьнга?
– Уггар хьалха нохчийн зудчунна ша нана юьйла хаа деза. Шен доьзалш еса х1умнаш кхиарх ларбан беза. Баьпкан мах хаа а, цуьнан хама бан а 1амо беза. Куьйгаш а, дог а ц1ена хила дезар — дахаран коьрта г1уллакх хиларх тешо беза шен доьзал. Атта дахар леха 1амо ца беза, дахар даима а ду хала. Даггара лаьа суна, вайн зударшна т1еман ирча юьхь, г1енах а, кхин ца гойла. Шайн доьзалийн ирсо уьш баккхийбебойла. Ирсе хуьлда вайн зударийн дахар. Доьзалшна т1аьхьа ма дуьсийла вай.
-Зураъ, Дела реза хуьлда хьуна, со т1еэцна, соьга ладоьг1на, хьайн дахарехь зеделлачух ахь дакъа дарна. Газетдешархоша а пайдаоьцур бу аьлла хета суна вайн къамелах. Дала аьтто бойла хьан.
САРАЛИЕВА Табарк.
{mosloadposition user9}
Источник